Орцанна жоп

ХИ

Хабаев Исмаил

Орцанна жоп доцуш дисинчу маьхьарех эхь хетар дара суна,

Бекхамна ка йоьхна, вашас лайначу гIелонах эхь хетар дара суна,

Аганахь хинболу турпала къонахий техкийначу наноша йиначу семачу набарах эхь хетар дара суна,

Кошаза вайначу кIанте ладоьгIучу ненан сатийсамах эхь хетар дара суна,

ВорхI вешин йишин тIамо дохийначу дозаллах эхь хетар дара суна,

Тхайна кху дуьненчохь корта айббина дIалела бакъо йоккхуш эгначу вежаршна доьгIначу хIолламех эхь хетар дара суна,

ТIулгийн маттахь бен ясталур йоцчу хьан лазаман къайленах эхь хетар дара суна, Нохчийчоь,

Хьан доь дайъа гIиртинчу мостагIчунна къинтIера а ваьлла,

хьох кхидIа воккхавеван а,

хьан латта тIехь коше догдаха а,

хьан ломахь карочу синтемах ирсъэца а,

суо хьан цIеначу хIух ву баха а.

Нохчийчохь вахарал деза ду суна

Нохчийчоь сайна чохь яхар.