Хьехархо

Сесанахь вехаш вара Сапи бохуш цхьа забаре стаг.

Иза юьртахь хьехархо хилла, Ӏилмана дӀогара генаваьлла вацахь а.

Цуьнан цхьана дешархочуьнга хаьттина юьрта веанчу хьаькамо:

– Хьуна дика хаьа, я Сапина хаьа?

– Тхойшинна цхьатерра хаьа, – аьлла дешархочо.