Йайна шаьлта
ЦӀоьнтара базарахь цхьаммо кхайкхош хилла:
– Цхьана стеган шаьлта йоьжна. И карийначунна хӀума а лур яра, и схьалахьара, – бохуш.
Юххехь лаьтташ хиллачо, тӀе а таьӀна элира боху:
– Юкъах йихкина шаьлта шен йоьжча-м хаа а мегар ма дара.
– Хаа а хиъна кхайкхош яц иза, – аьлла вукхо.