Ас хьан чӀабанех гӀайгӀа юцур ю
Апти Бисултанов
Ас хьан чӀабанех гӀайгӀа юцур ю,
КӀайчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо гӀаргӀулеш новкъа йохур ю.
Ас хьан бӀаьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг цӀийх Ӏеначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинтӀера сайна доккхур ду.
Ас хьан бӀарлагӀех гӀала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
Ӏаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал хӀуьттур ву.
Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх цӀанлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан Ӏаьнарлахь
КӀайчу говро шен туьйра дохьур ду.
Дашо гӀаргӀулеш цӀехьа йоьрзур ю,
Цара гӀабали хьуна йохьур ю,
БӀаьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан чӀабанех сайн ирс дуцур ду.