Борз
Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заман чохь, дуьнен тIехь инзаре ирча мох баьлла хилла.
Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра.
Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.
Дуьнен тIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш.
Цхьа борз яра паргIат, и ца кхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг.
ОьгIазе цIогIа детташ, тIера цIока дIасаийзош, цIийш дIатуьссуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана.
Амма борз меттах ца елира: курра корта хьалаайина, когаш ондца лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дегIаца дIахудуш, дуьхьало йора цо махана.
Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а хIумма а ца хилча санна, мох дIатийра, малх гучубелира, дуьнен тIехь юха а паргIато дIахIоьттира.
Са мел долу хIума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана тIе яхана.
Акхароша барзе аьлла: — Дела дуьхьа, борз, xIapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш, аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаш аталуш охьаоьхуш,массо а садолу хIума са дадийна дIалачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах ца елира, и хIун ду?
TIepa цIока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чоьвнашкара цIийш охьаоьхуш йолу борз курра хиина Iaш яра, генна хьалха а хьоьжуш.
Цо, хьала а гIаьттина, иштта жоп делира акхарошна:
— Со тIехь лаьтташ йолу латта — сан даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало тIееъча а, аса цкъа а д1атосур бац и, — аьлла.
Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой дIасаяхара.
Чоьвнаш хилла, цIока этIийна, цIийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, дIайоьлхучу акхарошна тIаьхьа а хьоьжуш.
Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен бац.