ГӀиллакх

Воккханиг тӀевеача, хьо гӀоттуш вацахь,

Хьехаме ладогӀа хьан собар дацахь,

Харцонах бакъдериг къастдалуш вацахь,

Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг хасто догцӀена вацахь,

Сонтаниг сацо доьналла дацахь,

Аьшпашца хьарамниг хьо гулдеш велахь,

Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Махкаца, халкъаца бала хьан бацахь,

Ненан мотт Ӏалашбан нохчалла йацахь,

МоттаргӀий, шалхонаш хьо мегаш велахь,

Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Да-нана Ӏалашдан къинхетам бацахь,

ДоттагӀчун сий лардан тешаме вацахь,

ГӀийлачун дог эца адамалла йацахь,

Ма деса техкийна хилла хьан ага.

Диканиг схьалаца лаам хьан бацахь,

Вочух хервала кхетам хьан бацахь,

Бахьанаш леллол бен дин хьоьгахь дацахь,

Ма эрна техкийна хилла хьан ага.