Нохчи Къам

ВА

Вахид Аюбов

Буьрса дарц ду йуьхьтӀе хьоькхуш, бӀаьргаш дӀа ца деллало,

Нохчий къам ду махках доккхуш, дан гӀо доцуш лаьтта тхо.

Мехкадаьтта чиркх бу богуш, багарх серло цо ца ло,

Боданехь къиза йоӀ ю йоьлхуш, йелла нана лоьху цо.

Шийла мох бу ага техкош, бере хӀун де боху цо?

Декъаза къам ду дакъазадоккхуш, дан гӀо доцуш доьгу тхо.

Мехкадаьтта чиркх бу богуш, багарх йовхо цо ца ло.

Боданехь хеза хийла бер доьлхуш, нене мала хи доьху цо.

Баккхий нах бу Деле доьхуш: АллахӀ, тхуна хьай гӀо ло!

Салтий лаьтта топ тӀехьежош. АллахӀ, хьан къинхетам ло!

Мехкадаьтта чиркх бу богуш, багарх тхуна-м и ца го.

Боданехь хеза хийла бер доьлхуш, вийна дада лоьху цо.

Сан даг чохь даимна хира ду дарц – буьрса тӀехьикхина дола.

Сан даг чохь даимна хира бу мох – ага техкийна бола.

Сан даг чохь даимна хира ду бер – нана лийхина дола.

Сан даг чохь даимна хира ду дош – аса ца лардина дола.

Сан даг чохь даимна хира бу мохк – махкахь бегийна бола.

Сан даг чохь даимна хира бу тӀом – Нохчийчохь хилла бола.

Сан даг чохь даимна хира ду бер – нана лийхина дола.

Сан даг чохь даимна хира ду дош – аса ца лардина дола.