Аганан илли
Дижалахь, жиманиг,
Мерзачу набарца,
ГIатталахь, жиманиг,
КIоргечу хьекъалца.
Мерза наб кхетийла
Жимачу кIорнина.
Жимчохь дуьйна Iамалахь,
Оьзда гIиллакхаш леладан.
Бакъдерг дийца Iамалахь,
Харцонах хьо къахкалахь.
Баккхийчеран сий ахь делахь
Церан дегнаш хьасталахь.
Оьздангаллех хьо ца дохахь
Хьайн сий хир дуй хаалахь!
Хьайн да-нана доккхадедеш,
Церан сийдеш дахалахь.
Дижалахь, жиманиг,
Мерзачу набарца.